WWW.LIB.KNIGI-X.RU
БЕСПЛАТНАЯ  ИНТЕРНЕТ  БИБЛИОТЕКА - Электронные материалы
 

«РАБОЧАЯ ПРОГРАММА Наименование учебного предмета: ЧЕЧЕНСКИЙ ЯЗЫК Педагог: Ахаева Милана Абдуловна Уровень общего образования: СОО (10-11 класс) ...»

ЛИЦЕЙ ЧЕЧЕНСКОГО ГОСУДАРСТВЕННОГО ПЕДАГОГИЧЕСКОГО

УНИВЕРСИТЕТА

Рассмотрено:

на Педагогическом совете

№ протокола 1 от 31.08.2016г.

Р УТВЕРЖДАЮ

ф

Проректор о учебной работе

А.В. Ажиев^

« 31» \ ] августа 2016 г.

РАБОЧАЯ ПРОГРАММА

Наименование учебного предмета:

ЧЕЧЕНСКИЙ ЯЗЫК

Педагог: Ахаева Милана Абдуловна Уровень общего образования: СОО (10-11 класс) Кхеторан кехат Документан бух 10-г1а классан нохчийн маттана лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь.

Программо предметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху.

Белхан программо, нохчийн мотт 1аморан 1алашонца цхьаьна а дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.

Документан д1ах1оттам

Нохчийн меттан белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:

- кхеторан кехат;

- дешаран-тематикин план;

- дешархойн хаарийн т1ег1а;

- дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.

Дешаран предметан юкъара характеристика Нохчийн мотт - иза нохчийн къоман а, Нохчийн республикин пачхьалкхан а мотт а, къоман историн, культурин бух а бу. Мотт адамийн дахарехь уггаре мехала г1ирс бу. Цуьнца доьзна ду къоман кхиар а.



Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь ша-тайпа меттиг д1алоцу нохчийн матто. Иза вовшашца юкъаметтигаш д1акхехьарехь, гонахара дахар довзарехь, кхетош-кхиорехь мехала г1ирс бу. Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна г1о до гонахарчу дуьнене болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш а шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхи долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро а. Цу шина матго дешар 1аморехь, кхетамца кхиарехь бокхха аьтто бо.

Хьехархо декхарийлахь ву нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийта а, берашкахь ненан матте безам кхио а. Цуьнца цхьаьна хьехархочо кхочушдан деза патриотизман, халкъийн доттаг1аллин ойланехь дешархой кхетошкхиор. Ишколехь ненан мотт хьехар меттан 1илманан буха т1ехь д1ахьош хила деза.

Дешаран хьукматехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар на хилча цаторуш ду.

Меттан цхьанатайпанарчу а, цхьанатайпанар доцчу а, терачу а, вовшех дозуш долчу а бакъдолчаьрца дустар далоран кепаш мотт хьехаран балха т1ехь пайде а, дика сурт х1оттош а, берашна к1орггера хаарш луш а, мехала а ю. Ч1ог1а мехала ду оьрсийн меттан бакъдолчаьрца ненан меттан бакъдерш дустаран кепах пайдаэцар.

Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду.

Цуьнца цхьана ненан мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош, маь1нех кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой хирриг - нийсий, говзий.

Ненан мотт хьехаран декхар кхочушдарехь хьехархо декхарийлахь ву орфографи, пунктуаци, къамел кхиоран г1уллакхийн бух д1ах1отточу 1илманан хаттаршна т1е коьрта тидам хьовзо: аьзнийн а,элпийн а таллам бан, дешан х1оттам талла, къамелан дакъош кьесто, предложенехь дешнийн уьйр нисъян хаа, предложенин д1ах1оттам бовза, и. д1. кх. а.

Меттан 1илманан хаамаш 1амийна караберзор хила деза меттан бакъдерш, церан тайпанаш, церан башхаллаш къесторций, талларций, церан маь1наш к1орггера хаарций, предложенеш фонетически а, морфологически а, синтаксически а, орфографически а, пунктуационни а, лексически а талларций, орфограммаш, пунктограммаш бакъонца кьасто а, йовзийта а 1аморций.

Ненан меттан хьехархочун коьртачарах цхьа декхар ду йоза нийса яздан 1амор а, карадерзор а.

Нохчийн меттан хьехарсахьташкахь тидаме эца деза дешархойн бартан къамел, цара тайп-тайпанчу ткоьчалех лаьцна хаамаш бар, иштта церан говзаллин башхаллаш ган а, йовза а еза.

Ненан мотт хьехарехь литератураца уьйр латтош дешархой 1амор, уьш кхетошкхиор доккха маь1на долуш ду.

Меттан занятешкахь дешархойн жигаралла йозу цара кхочушбечу белхан хаарш кхиоран барамах. Методически лехам ларало ненан меттан хьехарсахьтан болх д1абахьарехь дешархойн ойлаяран а, кхетаран а хьуьнар кхиор. Муьлхха а коьчал 1аморехь xlopa дешархочун кхетаран а, кхиаран а таронаш оьшучу барамехь гучуяха еза.

Дешархойн 1аморан а, кхетаран а хьуьнар совдаккхарехь доккха маь1на долуш ду тайп-тайпанчу гайтаман г1ирсех пайдаэцар (таблицех, суьртех, технически (говзаллин) г1ирсех). Дешархойн бартан, йозанан а кхиор ненан меттан а, литературин а - шина а предметан юкъара дакъа ду.

Нохчийн мотт дешархо къоман г1иллакх-оьздангаллин буха т1ехь кхиорехь, цуьнгахь кхидолчу къаьмнашка лерам хилийтаран коьрта ч1аг1о а ю.

Дешаран декхарш кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду.

Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна.

10-чу классехь нохчийн мотт к1иранах 1 сохьтехь хьеха лерина ю программа.

Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь нохчийн мотт 1аморан1алашонаш:

- нохчийн мотт Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт санна карберзор;

- хинцалерчу 1илманан керла кхиамаш а, ненан меттан хьехархойн балха техь зеделларг а тидаме эца дезар;

- вовшашца т1екаре ян а, вовшех кхеташ хила а кийча а болуш, тайп-тайпанчу хьелашкахь литературни норманаш ларъеш, къамелан тайп-тайпанчу кепех пайда эца хаар карадерзор;

- нохчийн матто кхочушдечу г1уллакхах а, цуьнан д1ах1оттамах а, литературни норманех а долу хаарш карадерзор;

- ненан меттан гоьнца дешархой гиллакх-оьздангалла йолуш кхетош-кхиор а, уьш ойлаян амор а, церан юкъара кхиар лакхадаккхар;

- ненан меттан литературни къамелан стилистически норманаш тидаме а оьцуш, ненан маттахь хьехар, коьртачу декъана, дозуш долчу къамелах шуьйра пайда оьцуш д1ах1оттор;

- нохчийн матте терго а, шовкъ а, къоман синъоьздангаллин мехалле санна цуьнан т1алам бан безаран кхетам а, кхечу къаьмнийн векалшца къинхетаме а, машаре а хила везар кхиор;

- Россин пачхьалкхан гражданин ша хиларан кхетам дешархочуьнга кхачор.

Белхан программин чулацам 34 сахьт Карладаккхар Мотт, цуьнан коьрта билгалонаш, маь1на. Нохчийн мотт, цуьнан маь1на, исбаьхьалла (2 сахьт).

Лексикологи Нохчийн меттан дешнийн хазна. Омонимаш, синонимаш, антонимаш.Архаизмаш, историзмаш, неологизмаш. Нохчийн меттан а, т1еэцна а дешнаш. Литературни меттан лексикан тайпанаш. Литературни мотт а, диалекташ а.

Нохчийн меттан дошамаш (6 сахьт).

Фонетиках хаамаш Нохчийн алфавит. Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Мукъачу аьзнийн тайпанаш.

Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Доца шеконан мукъа аьзнаш (а, у, и). Ч1ог1а а, к1еда а, деха, доца, балдийн, балдийн доцу мукъа аьзнаш. Дешдакъа (4 сахьт).

Морфологи а, орфографи а Нохчийн орфографих лаьцна хаамаш. Доккха элп яздаран бакъонаш. Дош сехьадаккхаран бакъонаш. Дешан латтам. Схьадевлла, схьадовлаза дешнаш (з сахьт).

Къамелан дакъош Ц1ердешнийн легарш, церан нийсаяздар.

Билгалдешнийн легарш, церан нийсаяздар.

Терахьдешнийн кхолладалар, легар, нийсаяздар.

Ц1ерметдешнийн легар, нийсаяздар.

Хандешнийн хенийн чаккхенаш нийсаяздар.

Куцдош, цуьнан тайпанаш, нийсаяздар.

Дешт1аьхье, цуьнан нийсаяздар.

Хуттургаш, церан тайпанаш, нийсаяъяр.

Дакъалгаш, церан тайпанаш, нийсаяздар.

Айдардешнаш, церан тайпанаш, нийсаяздар (10 сахьт).

Дешаран-темин хьесап

–  –  –

10-г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг

Нохчийн мотт 1амийначу дешархочуьнгахь хила деза хаарш:

- нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар;

- нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин г1уллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша д1алоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

- вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш д1акхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар;

- къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш д1акхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

- шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала г1ирс хиларх кхеташ хилар.





- барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (1алашонех, теманех, коьртачу а, т1ебузучу а хаамех);

- тайп-тайпанчу хот1ийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор;

- билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьг1на я д1аешна текст юха схьайийца хаар;

- тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар.

Дешаран-методикин кхачаман ларам Литератара

Дешархошна:

1. Джамалханов З.Д., Чинхоев Т.Н. «Нохчийн мотт» 10-11-чуй классашна.

Грозный ГУ «Книжное издательство» 2002 шо.

Хьехархочунна:

1. Джамалханов З.Д., Чинхоев а Т.Н. «Нохчийн мотт» 10-11-чуй классашна.

Грозный ГУ «Книжное издательство» 2002 шо.

2. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» 1-ра дакъа.

Педучилищан студенташна учебник. Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1985 шо.

3. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» 2-г1а дакъа «Синтаксис». Педучилищан студенташна учебник. Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1985 шо.

4. Джамалханов З.Д., Хамидова З.Х. «Юккъерчу школийн лакхарчу классашкахь ненан мотт а, литература а хьехар» Грозный Нохч-Г 1алг1 айн книжни издательство 1972 шо.

5.Тимаев А. Д. «Х1инцалера нохчийн мотт» Лексикологи, фонетика, морфологи. Соьлжа-Г1ала 2011 шо.

6. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс»

2010 шо.

7. Арсаханов И.А. «Х1инцалера нохчийн мотт» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1965 шо.

8. Гайсултанов 1.Э., Аушева Ф.М. «Ненан мотт а, литература а хьехарехь зеделларг» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1966шо.

9. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2010 шо.

10. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.

11. Тимаев А.Д., Ирезиев С.-Х. С.-Э., Абубакаров А.Х. «Нохчийн меттан морфологин практически курс» Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий»

2012 шо.

12. Баширова Х.Б. «Синтаксис» Назрань-2009.

13. Баширова Х.Б. «Чеченская диалектология» Назрань-2009.

14. Ахмадов М.М. «Нохчийн мотт» (тексташ, хаттарш, т1едахкарш).

Нальчик-г1ала ГУП «Полиграфкомбинат» 2002 шо.

15. Джамалханов З.Д., Эсхаджиев Я.У. «Юккерчу школашна нохчийн меттан программаш» 5-11-чуй классаша. Грозный Издательство ООО фирма «Глобус»

Похожие работы:

«http://collections.ushmm.org Contact reference@ushmm.org for further information about this collection Султанова Валентина Михайловна 1947 г.р., с. Петровка Красногвардейский район АР Крым. Работала в краеведческом музее пгт. Красногвардейское, учителем в школе Записано 9...»

«"Наука и образование: новое время" № 5, 2016 Науменко Екатерина Семёновна, социальный педагог, КГБ ПОУ 16 имени Героя Советского Союза А.С. Панова, г. Хабаровск ПОДРОСТКОВЫЙ ВОЗРАСТ КАК ФАКТОР РАЗВИТИЯ РАЗЛИЧНЫХ ФОРМ ДЕВИАЦИЙ Подростковый период – важнейший этап жизни, во многом определяющий последующую судьбу чело...»

«Рабочая программа по башкирскому языку для 8 класса. Составитель рабочей программы: Гиззатуллина И. Б., учитель башкирского языка и литературы.1. Алатма яыу (пояснительная записка) Уытыу рус теленд алып барылан мктптр 8-се класс сн башорт (длт) теленн эш программаы. Эш прогаммаы 68 с...»

«УТВЕРЖДАЮ СОГЛАСОВАНО Начальник отдела образования Администрации Ректор ФГБОУ ВПО Башкирский Октябрьского района городского округа город Уфа государственный педагогический университет Республики Башкортостан им. М. Акмуллы, д.п.н., профессор _ А.М. Оди...»

«Программа "Доступная среда" Постановка проблемы Российское законодательство – прежде всего, Закон Российской Федерации "Об образовании" и Федеральный закон "О социальной защите инвалидов в Российской Федерации" – предусматривает гарантии равных п...»

«Основные права обучающихся и меры их социальной поддержки и стимулирования В соответствии со статьей 34. (Федерального Закона от 29.12.2012 №273-ФЗ "Об образовании в Российской Федерации") 1. Обучающимся предоставляются права на:1) выбор организации, осуществляющей образовател...»

«Вести ИПФ Информационная Поддержка Факультета Поздравляем наших преподавателей с победой в конкурсе "Лучший куратор года в БНТУ" Комаровская Виктория Маратовна (к.т.н. кафедры Вакуумная и компрессорная техника)2-е м...»

«КОМЛЕВ Ю.Э. МУЗЕЙ КАК СОЦИАЛЬНО КУЛЬТУРНЫЙ ЦЕНТР РЕГИОНА кандидат педагогических наук, доцент директор Оренбургского областного музея изобразительных искусств Аннотация. В данной статье рассматривае...»

«1 Составители: Перова К.А., учитель иностранного языка первой квалификационной категории; Рабочая программа по иностранному языку (ФГОС НОО обучающихся с ОВЗ), г. Анжеро-Судженск, 21 стр., 2016г. Рабочая программа по иностранному языку адаптир...»

«Е. Е. Алферьев ИМПЕРАТОР НИКОЛАЙ II КАК ЧЕЛОВЕК СИЛЬНОЙ ВОЛИ Материалы для составления Жития Св. Благочестивейшего Царя-Мученика Николая Великого Страстотерпца Свято-Троицкий Монастырь Джорданвилль, N.I., 1983 Вступление I. Детские годы. Воспитание. Постоянная работа над...»










 
2017 www.lib.knigi-x.ru - «Бесплатная электронная библиотека - электронные материалы»

Материалы этого сайта размещены для ознакомления, все права принадлежат их авторам.
Если Вы не согласны с тем, что Ваш материал размещён на этом сайте, пожалуйста, напишите нам, мы в течении 1-2 рабочих дней удалим его.